ТОП просматриваемых книг сайта:
ЧIир. Роман. Хараев ИбрахIим
Читать онлайн.Название ЧIир. Роман
Год выпуска 0
isbn 9785005693969
Автор произведения Хараев ИбрахIим
Жанр Приключения: прочее
Издательство Издательские решения
ШолгIачу дийнахь Руслана телефон туьйхира цуьнга:
– Бехк ма биллалахь суна. Сийсара дукха ойланаш йинера ас… хIусамехь соьгара гIо оьшуш хIумма а дуй хьан? Масане хуьлу… Хьоьх айса нана аьлла и мIаьрго йиц ца ло суна. И синхаам мелла а бахбан лаьара суна.
Лидия Андреевна йоьхнера. Ишта дехара йукъа ца догIура кхо кхочуш деш долчу лоьрийн декхаршна.
– Амма со хьан нана ма йац! – йоьхна жоп делира цо.
– Сан доккха цIено ду. Чохь со воцург кхин стаг вац. Хьуна лаахь ас дIайуьгур йу хьо со волчу.
– Амма со хьан нана ма йац! – йуха а дийкира цуьнан диканах дог диллина, гIийла аз.
– Йац. Хьо бакъ лоь. Бехк ма биллалахь со ишта хьайн коча варна. – Жоп делира Руслана. Цхьаьна мIаьргонна хIоьттина тийналла йохош, йистхилира Лидия Андреевна.
– Собар дехьа – цIеххьана цхьаъ дагадеача санна тохайелира иза…
Ишта тассаделира церан гергарло. Жимма хан йаьлча, Руслан кхетар ву ша кхолламо эрна валийна ца хилар Лидия Андреевнин неIаре.
Руслан балхахь волчу хенахь, цо наггахь бен ца тухура телефон. Цкъаццкъа СМС хаам йазбора:
– Муха ву хьо, сан кIант олий? Цо хазахетарца Русланна пхьор кечдора. Дагара дуьйцуш, деха къамелаш деш, дIаоьхура церан синтеме суьйренаш.
Цхьаьна дийнахь Русланан чIогIа мехала цхьанакхетар дара Сибрехара мехкдаьттанан компанин куьйгаллица, цундела шен гIоьнчига ша тIедогIучу кхаа сахьтехь хье ма ве аьлла дийхира цо. Амма цхьаьанакхетар доладеллачу хьалхара миноташкахь, Лидия Андреевнигара смс-хаам кхечира: «Руслан, сихонца соьга телефон тоха». Руслан кхийтира цхьа сингаттам ца хиллехь, Лидия Андреевнас и тайпа хаам йазбийр бацара.
Цо сихонца телефон туьйхира цуьнга:
– Нана, хIун хилла?
– Руслан, телевизорчухула гойтуш Iамаьркан передача йара. Цигахь дуьйцура нохчийн эммигрантийн доьзалах лаьцна. Церан кIант вара… Руслан, ас видео йаьккхина, иза хьан электронни почте дехьакхоьссина. Суна хетарехь, и кIант…
Руслан телефон охьакхуссуш, шен цхьаьнакхетар а, дерриге а дуьне а дицделла, компьютер йолчу дIатассавелира. Кийрара араэккха доллуш санна, детталора Русланан дог. Цхьаъ цхьанна тIаьхьа хийцалуш, бIаьргаш хьалха хIуьттура дIаэхначу заманера суьрташ. Видео тIехь гуш вара, нийсса йалхийтта шо хьалха хIара лачкъийна хилла волу