ТОП просматриваемых книг сайта:
ЧIир. Роман. Хараев ИбрахIим
Читать онлайн.Название ЧIир. Роман
Год выпуска 0
isbn 9785005693969
Автор произведения Хараев ИбрахIим
Жанр Приключения: прочее
Издательство Издательские решения
ТIекхечира и шатайпа де. Массеран а тамашийна бара кийрахь самабевлла синхаамаш – цхьаберш хазахеташ бара, кхин болчеран бIаьргаш чохь гIайгIа йара. Руслан сагатдеш вацара. Иза кхетара шен кхолламан рузмана дIалуьстуш кхин цхьа дахаран агIо хиларах, ткъа хиланза ца долург, собаре тIеэцар а йу доьналлин цхьа башхалла.
Ченцовн даг чохь сингаттам бара – цунна хаьара ша бахьанехь Руслан тIеман къизачу кIурла дIавоьдуш хилар, амма хIете а иза Русланан харжам хиларна жимма са паргIат долура цуьнан.
Iуьйранна марта диначул тIаьхьа, Гончаровс рота могIаре дIахIоттийра:
– ЛадогIал, сан хьомениш! Тахана вайна йукъара итт стаг дIавоьдуш ву. Вай кхин гур дуй ца хаьа, амма иштта сингаттаме а, ирча а къамелаш дан ца лаьа суна, хIете а замано хIун боху ца хаьа. Уггаре а коьртаниг цхьа хIума дара сан шуьга ала – вайн ротин сий ларделаш!
Хийцамаш хиллий хIинца а хууш воцучу Гончаровс Ченцовга элира:
– Лаккхара сержант, вовшахтоха хьайн отделени! Со кехаташ кечдан воьду!
Ченцов корта оллийна лаьттара, ша капитане харц дерг дийцина ца лалуш, амма цо ца дохийнера Русланна делла дош.
Руслан кора йистехь лаьттара, штаб йолчу агIор дIахьоьжуш. Цунна гуш дара Гончаров сихавелла ара волуш.
– Хиъна цунна ша дерриге а! – дагатессира Русланна.
– Гончаров ву вогIуш, дIанехьа вала! – мохь туьйхира Руслана Викторе.
Гончаров ведда вогIура – Мичахь ву иза? – бохуш мохь бетташ.
– Кхузахь ву со, накъост капитан! – духьалволавелира цунна Руслан.
Шина а куьйга Руслан белшаш тIера а лаьцна дIасхьаластийра Гончаровс:
– ХIунда дина ахь иза? Хьуна мегар ма дац цига ваха! Хьо буобер ма ду! Дуьне кIордийна хьуна? Хьо дийна цIа вогIий хууш ма дац цигара. Хьо лартIахь вуй? – мохь хьоькхура Гончаровс.
Руслан дуьхьал вистхилар доцуш, десачу бIаьргашца геналле хьоьжура.
– Накъост капитан, къинтера вала суна, амма ишта хила дезаш дара дерриге а…
Ши сахьт даьлча йерриге а отделени новкъайала кийча йара. Йерриге а рота йеара шайн накъостийн Iодика йан – хьанна хаьа кхин гур дуй а? Гончаров хIоранна а дегайовхонца маракхийтира. Руслане а хьаьжна цо элира:
– Дукха саьлтий гина суна, дукхачеран цIерш а йицйелла, амма хьан адамаллех дуьзна васт сан иэсехь даима а дехар ду хьуна, Дадиев. Хьоьца къамел дан лаьара суна, жимма хан йолчура, дIанехьа вала соьца.
Русланна хала дара Гончаровн бIаьра хьажа. Дена дуьхьал ваьлча санна хетара цунна ша.
– Руслан, суна хаьа лаа ца виссина Ченцов. И бахьана долуш бина бу-кх ахь хIара харжам. Со ца кхета хьоьх, Руслан. Хьоьца дуй адамаш ишта тIехдика хьо цаьрца санна?
– Руслан, велакъажарца