ТОП просматриваемых книг сайта:
ЧIир. Роман. Хараев ИбрахIим
Читать онлайн.Название ЧIир. Роман
Год выпуска 0
isbn 9785005693969
Автор произведения Хараев ИбрахIим
Жанр Приключения: прочее
Издательство Издательские решения
– Микаил, со боккъалла а хьан да ма ву! – машенан корах ара а хьоьжуш, меллаша элира Руслана, ткъа йуха ша аьлларг тIечIагIдеш санна, кхин цкъа а элира – со ву хьан да!
Микаилан макхйеллачу йуьхьтIера бIаьргийн хьежар шеконах дуьзна дара.
– ОьгIаз а ца воьдуш, ладогIа соьга, Микаил. Ас жимма тIаьхьа, ша дерриге а ма-дарра дуьйцур ду хьоьга, амма уггаре а хьалха со Канте вистхила везаш ву.
– Ахь бехк ма билла, амма сан да цомгуш ву, ткъа со…
– Хьан да со ву! И вац! – йукъахдеккхира кIентан къамел Руслана.
– Ву дер иза-м сан да! Хьо мила ву соьца хIара къамел дан? – дера хьоьжура Микаил Руслане. ХIинцалц хилла эсалалла цхьаьна мIаьргонехь оьгIазлонна хийцайелира. Русланна моьттура кхин ша Кантин цIе йаккхахь, хIара кIант дера экха санна шена тIекхетар ву.
– Iамаьркахь кхиъна велахь а, амма амала-м нохчийн йу хьуна хьан – дагатессира Русланна.
Вехха Микаилан бIаьра а хьаьжна, Руслана элира:
– Собар де, Микаил! Собарах ца вухуш, соьга ладогIа! Кестта хьуна йоккха къайле гучуйер йу. Мила йу хьан нана?
– Сан нана йелла, со веш!
– Иза бакъ ду. Муха йара цуьнан цIе?
– Роза.
– Иза бакъ дац. Хьан ненан цIе Бэлла йара. Хьоьга харц дерг хIунда дийцина ас тIаьхьа къастор ду. Цуьнан сурт гиний хьуна цкъа а?
– Ца гина.
– ХIунда?
– Дадас тIом болчу хенахь тхан цIено дохийна бохура, цундела массо а суьрташ а даьгна дIадевлла.
– Иза а бакъ дац, Микаил. Кантехь хуьлийла дацара Бэллин сурт. Иза цунна цкъа а гина а йацара. Нийсса йалхийтта шо хьалха зуламхошца цхьаьна Кантас со а, Гельдман Яша а лачкъийнера. Ткъа цул тIаьхьа, йалхийтта шарна сан дахарера дIавайнера хьо, амма Делан лаамца суна карийра хьан лар. ХIинца хIара дерриге а маьлхан дуьне тIекIалдалахь а, ас хьо цхьанна а дIалур вац. Хьо хезаш вуй? – къора декара Русланан аз. Цу озах кхета мегар дара, цо шен дешнаш цкъа а йухаоьцур ца хиларах.
Микаил Iадийнера. Шена гуш дерг гIан ду моьттура цунна. ХIинцалц тийначу хоршехь дIадоьдуш хилла цуьнан къона дахар, тахана цхьаьна мIаьргонехь орамца хийцаделира. Нана боху дош даима лазаме дара Микаилна. Воккха мел хуьлу, дукха ойланаш йора цо ненан йаларах. Наггахь ша бехке а хетара – кхунна дахар кховдош дуьненчуьра дIа ма йаханера иза. Ненан марзонан чам хиъна воцучу Микаилна шен дахаран маьIна къена да хетара. Цунах эшахь са дIадала а кийча волчу кIантана, хала дара тахана и хьан да вац, и хьан цхьа а вац бохучунах теша. Ткъа ненан цIе а кхин хилла боху кху стага. Дукха жима волуш дуьйна ма чIогIа сатуьйсура Микаила ненан сибат ган. ВорхI шо кхаьчначу хенахь, къоламца сурт дилларан говзалла гучуйелира Микаилан. Шен ойланашкахь, шен гIенашкахь дуьхьалтуьссуш хилла цуьнан сирла сибат кехатана тIедеккхира жимачу кIанта, ткъа йуха хазахетарца да волчу ведда вахара:
– Дада? Тера йуй? Ишта йарий сан нана?
– Йацара! – доцца хадийра Кантас. Цунна цкъа а ца лаьара Микаилан ненах лаьцна дийца. КIантана