ТОП просматриваемых книг сайта:
Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ. Хьусайн Шовхалов
Читать онлайн.Название Б1АЬРГАХ ХИ ДАЛЛАЛЦ ВЕЛА ЛО. АДАМИЙН ДАХАРЕРА САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ
Год выпуска 0
isbn 9785449833464
Автор произведения Хьусайн Шовхалов
Жанр Современная русская литература
Издательство Издательские решения
ISBN 978-5-4498-3346-4
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Хастам бу Далла, 1аламаш кхиош-кхобуш волчу, Ша халкъана деллачу ни1матех хьекъал динчу, адамана даха кхетам беллачу, адаман самукъадалар дика лаьрра Волчу.
Делера салават а, маршалла а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна а, цуьнан асхьа́башна а, церан некъа т1ехь мел волчу стагана а къематде даллалц.
Х1ара жайна (1) кечдар бахьана – иза бусалбачу нехан хьанал долчу х1уманца самукъадаккхар а, хьекъалан хам хаар а ду. Х1ара дийцарш боккъалла а адамийн дахарехь хилла ду. Х1орш дешарца адамийн мелла а самукъадаккха лиънера суна, х1унда аьлча, адамашкахь сингаттамаш дукха бу. Ткъа юкъ-кара х1ара жайна доьшуш хилча, сингаттамечу б1аьргара долучу хин метта самукъадаьлла, велаваларан хи дала мега цуьнан б1аьргех.
Кху дийцарша кхин а пайда ло вайна – иза хьекъалан хам хаар. Х1унда аьлча, х1ара дийцарш хьекъал к1езиг долчу, г1опал болчу нахера дийлина х1уманаш ду. Ткъа цара 1амаво хьо х1уманан ойла ян. Кхетам, хьекъал Делера доккха ни1мат хилар гойту.
Х1ора адам шех нах боьлу х1ума даланза дац. Иза массаьрца долуш ду. Цхьаволчуьнца к1езиг хуьлу, цхьаволчуьнца дукха хуьлу. Ткъа иза хьехадар, дийцар, царех кхардар дац, мелхо а самукъадаккхар, ойла яр, кхетамехь са валар ду, бусалбачу динна дезаш х1ума ду.
Дала самукъадоккхийла хьан!
Шовхалов Хьусайн
(Сайд-Селиман к1ант Хьусайн)
Электронный адрес: [email protected]
Инстаграм: chitai_eto_polezno
9 июнь 2019 ш.
САМУКЪАНЕ ДИЙЦАРШ
1.Цхьана стага кочахь т1ийригна т1е тесна лелош даь1ахк хилла.
Цуьнга хаьттинера:
– И х1унда лелайо ахь?
Цу стага аьлла:
– Со вайча нахана со каравайта лелайо ас иза.
Т1аккха цхьана буса иза вижина волуш, наха цуьнан кочара схьа а
яьккхина, цуьнан вешин коча тесна хилла иза. Самаваьлча шен кочахь
хилларг шен вешин кочахь гича цо элира шен вешига:
– Х1ай, сан ваша! Хьо со ву, ткъа со мила ву? – аьлла.
2. Цхьана стаге хаьттина:
– Хьайн вирана ц1е х1у тиллина ахь? – аьлла.
Т1аккха цу стага шен вирана т1е а вахана, цуьнан цхьа б1аьрг а баьккхина
элира:
– Цхьа б1аьрг берг аьлла ас цунах.
3. Цхьана стага хаьттина шен к1анте:
– Вай рузбанан ламаз муьлхачу дийнахь дира?
К1анта ойла йина жоп делира:
– Шинара (2) дийнахь.
4. Цхьана стаге аьлла:
– Ибн 1умарх лаций дийца тхуна.
Цу стага аьлла:
– Из вара мекх д1адошуш пхьаьрсан к1елонаш гучуйовллалц.
5. Цхьаммо аьлла цхьана стаге:
– Шун чохь мохь хьокхуш ма хезира суна.
Стага жоп делла:
– Сан коч яра иза лакхара чуйоьжна.
– Ткъа коч лакхара чуйоьжча мохь хьакхар хуьлу ванах? – хаьттина вукхо.
– Х1ай 1овдал! Со цу кучана чохь хилча, со а ца хуьлу чувоьжна? – жоп делла
стага.
6. Цхьана дийнахь ч1ог1а мох баьлла. Т1аккха нах кхерабелла Деле до1анаш
дан, тобанаш дан буьйлабелла. Т1аккха цхьана стага мохь туьйхира:
– Х1ай нах! Сиха ма ло тоба дан, х1ара мох х1инцца д1абер бу шуна.
7. Цхьана стеган х1усамна улло лулахоша дуккха а латта доьхкина хиллера.
Т1аккха цу стага шен к1анте аьллера:
– Х1окху лулахоша боккха болх баьккхина суна, х1ара латта д1адаккха доккха г1о деза суна, ткъа соьгахь иза дац, айса х1ун дийр ду ца хаьа суна.
К1анта элира:
– Г1у яьккхина цу чу кхуьссур ду-кх.
8. Цхьана стага шен деман гали мехах д1адахьа стаг лаьцна хилла.
Д1ахьучу хенахь и стаг деман гали а эцна ведда. Т1аккха масех де даьлча цунна гина шен дама лачкъийнарг. Иза шена гича, цунах д1алечкъина иза.
Т1аккха цуьнга хаьттина:
– Хьо х1унда лечкъа цунах, и ма ву хьан дама лачкъийнарг?
Стага жоп делла:
– Цо шен балхана мах д1абехарна кхоьру со.
9. Цхьана стага шен ахча лаьттах д1адоьллина хилла стиглара мархана бухахь ахча д1адоьллина меттиган билгало марха а лоцуш.
10. Цхьана стега да велла хилла. Т1аккха цуьнга аьлла:
– Вало, хьайн дена марчо эца.
Стага аьлла:
– Со марчо эца вахча, кхуьнан докъан ламазе со т1аьхьависарна кхоьру со.
11. Цхьана дийнахь базарахь нахана цхьа стаг гира ведда воьдуш, цара цуьнга хаьттира:
– Ахь
1
– Х1ара дийцарш Имам Ибн Жавзий «Ахба́рул хьамкъо вал муг1оффилийн» жайни т1ера схьаэцна ду, цхьадерш д1аадохуш, цхьадерш сайгара т1е а тухуш.
2
– Вторник