ТОП просматриваемых книг сайта:
Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани
Читать онлайн.Название Кавказан баххьаш. Горцы
Год выпуска 0
isbn 9785005661005
Автор произведения Мзия Ратиани
Издательство Издательские решения
© Изнаур Акаев, иллюстрации, 2022
© Янина Дикаева, перевод, 2022
© ИсмаIал Акаев, перевод, 2022
ISBN 978-5-0056-6100-5
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
«Кавказан баххьаш»
«Горцы» цIе йолу роман, оьрсийн маттера гочйина: Акаев ИсмаIалс а, Дикаева Янинас а.
I—II ТОМ
Авторера
Йешархойн кхеле суна йилла лаьа ткъе итта шарахь сан дас Ратиани Мурмана къа хьегна йолу книга.
Советан Iедалан муьрехь цуьнга дукхозза дехара динера книга зорбане йаккха аьлла, амма йогIуш йолчу урхаллаша боххучу кепара иза хилийта цуьнан аьтто бацара. Теша лаьа дас шен ойланехь хIоттийна хилла сурт сан кху книги тIехь кхолла аьтто баьлла хиларах. Ас шеко йоцуш дIабоху, хIара болх бечу хенахь цо нийса тидам бора, цо къаьмнаш а, динан башхаллаш а ца къестош, лаккхара мах хадабора бакъ йолчу къонахаллин а, доьналлин а.
1962-чу шарахь Ратиани ГIебартойн-Балкхаре а, Къилбаседа ХIирийн Республике а командировке дIахьажийнера. Цигахь цунна шортта бевзира цу республикашкара похIма долу, Iилма долу нах. ЦIейаххана вевзаш волчу гIебартойн йаздархочо Шортанов Аскербис дерзийра Ратианин дахар кхоллараллин хорше. Йовр йоцу лар йитира цуьнан даг чохь Шортановн «Ламанхой» цIе йолчу романа. Цундела ларамза дацара цо шен говзарна ишта цIе тиллар. ХIирийчохь иза веза хьаша вара Чехоев Сарабин а, Царукаев Владимиран а хIусамашкахь.
Кавказан истори кIоргера йовза лууш волу иза шен корматаллехь тIаьхьа консультантан бен болх бина вацара. Цуьнан белхашкахь йоккха лар йитина нохчийн цIейаххана вевзаш волчу меттан Iилманчас, профессора Дешериев Юнуса. Иза сих-сиха тхо долчохь Гуьржийн махкахь хьошалгIахь хуьлура.
1968-73-гIа шерашкахь Ратиани Къилбаседа Кавказера ара волуш вацара, цигахь цунна кхоллараллин дуьненера шортта нах бовзийтира Ратианин нохчех схьаваьллачу махкахочо Дуашвили Мохьмада. Къилбаседа Кавказехь вевзира цунна лезгински йаздархо Лезгин Нямет а. Ратиани иза волчохь Кусарски кIоштахь хьошалгIахь а хуьлура. «Зеламха» цIе йолчу романан авторца, нохчийн йаздархочунца а, дессидентаца а Мамакаев Мохьмадаца дукха гергарло латтийна ву Ратиани. Иштта Ратианина схьабеллера кхарачойн йаздархочун, «Обарг» цIе йолчу повестан автор волчу Хубиев Османан дукха белхаш а, иштта йоккхачу Кавказера йаздархойн а, историкийн а зорба тоха магийна доцу кехаташ а. 2001-чу шарахь дуьйна Ратиани Мурмана ша биначу талламийн а, иштта Кавказера шен доттагIашкара кхаьчначу кехатийн а буха тIехь зорбане йаккха кечйеш йара шен роман, амма 2013-чу шарахь иза цIеххьана кхелхира. 2015-чу шарахь дуьйна ас дIаболийра дех биссина хилла болх.
Ас даггара баркалла боху шайгахь болу хаамаш бовзуьйтуш Ратиани Мурманна гIо мел диначу Кавказан историкашна а, йаздархошна а. Къаьсттина баркалла ала лаьа иза Къилбаседа Кавказе а вигна, оьшучу нахах дIатоьхна хиллачу Дуашвили Мохьмадана. Цхьаьна Нохч-ГIалгIайчохь даьккхинера Ратианис пхи-йалх шо.
Книга хIинца а чекхйаккхина йац, нагахь санна хIумма а дуьхьал ца далахь, 2020-гIа шо чекхдалале, ас йешархошна 3-гIа том йовзуьйтур йу. Йешархойн дехарца ас зорбане йоккху хьалхара ши том. Сайн дас вовшахтоьхна хиллачу балха тIехь со къахьега йолайелча, со дагахь йара нохчийн обарг Кута коьрта турпалхо а волуш повесть йазйан. Амма соьл дика литературех кхеташ болчу сан накъосташа суна хьехар дира роман йазйан, Дела реза а хуьлда царна.
Сайн болх дIаболош, сан шеко йоцуш, ойла йара хIара книга сайн дена лерина хилийта, амма цу тIехь къахьоьгуш со кхийтира иза нийса ца хиларах, хIунда аьлча кху исторически романан автор ву иза. Цундела романан автор Ратиани Мурман хилийта сацам ас шо хьалха бира, амма цул тIаьхьа сан йерриге а ойла дIалецира хьанна лерина хилийта мегар ду хIара книга, мила ву хьакъ Кавказан къонахийн масала хила? Кавказан исторехь къонахашна къоьлла хилла йац цкъа а: Шайх Мансур, Болотоко Джамбулат, Имам Шемал, обарг Кута, Гамсахурдия Звиад, Дудаев Жовхар – Кавказан истори луьстуш дIауьуду зама! Мила ву рогIерниг?
Тахана Кавказан къиссам гIелбелла бац, мелхо а Россин импери йу гIеллуш, амма цундела йу иза кхин а чIогIа дарйелла. Уллохь массо а оьгIазлоно лаьцна, кхерийна, вовшашна мотт тоха сиха, вовшашна йамарт хила сихлучу муьрехь, дин а, къаьмнаш а ца къестош, нийсоне кхача гIерташ, шен майра некъ беш адам ду тахана. Гамсахурдин а, Дудаевн а лехамашна йамарт воцуш, церан нийса накъост хилла, ша хаьржинчу некъа тIера йуха а ца вирзина. Цо шен ницкъ кхочург до лаьмнийн сирла Iадаташ дендарехь, Кавказан къаьмнийн вовшашка болу тешам а, уьйр а чIагIйарехь. Цуьнан амалехь гулделла сан романан турпалхойн васташ. Книга лерина йу Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президентана Кутаев Русланна.
Авторийн биографи
Ратиани Мурман
Ратиани Мурман вина 1929-чу шеран бекарг беттан 21-чохь, Гуьржийн мехкан Абаша олучу жимачу гIалахь. Ишкол йаьккхинчул тIаьхьа иза