Скачать книгу

из дешча оццул йоккха ял яларца, хьуна иза 1амадан аьтто барца, иза 1амо атта хилийтарца.

      КЪУРЪАН ДОЬШУШ ВЕРГ

      СТОЬМЕХ ТЕРА ВУ

      Къуръан доьшуш къахьоьгуш верг дикачу стоьмех тарвина вайн Элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна). Иза стоьмех тарвар цхьана доккхачу хьикматана ду. Хьажал:

      Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) аьлла:

      <<Къуръан доьшуш волу муъмин стаг стоьмех (цитрон) тера ву: Хьожа а дика ю цуьнан, чам а дика бу цуьнан. Амма Къуръан ца доьшуш волу муъмин стаг тамрах (екъачу хурмах) тера ву: Хьожа яц цуьнан, амма чам мерза бу6>>.

      Кху хьадисехь Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) бусалбачу стеган Къуръанац долу хьал билгалдо. Шина кепе вина цо иза.

      Цхьаъ Къуръан доьшуш верг ву. Иза цитрон олучу стоьмех тарвина, и санна ву аьлла. Х1унда аьлча, цитрон стом шен чам а, хьожа а йолуш бу. Шех хаза хьожа йог1уш, мерза чам болуш стом бу иза. Иштта ву Къуръан доьшуш волу бусалба стаг а.

      Шен чам мерза бу цуьнан, хьожа а хаза ю цуьнан. И бохург шен кийрахь дика ву иза, ткъа шен дикалла шена гонаха болчарна д1алуш а ву иза, стоьмо шен хьожа д1аяларе тера. Цунна уллехь нислучунна цуьнан дикалла хаало.

      Амма Къуръан доьшуш воцу бусалба стаг якъаеллачу хурманах тарвина. Якъаеллачу хурмана чам мерза хуьлу, амма хьожа ца хуьлу цуьнан. Цу кепара ву Къуръан доьшуш воцу бусалба стаг, шен кийрахь дика ву иза, амма шена гонахачарна шен дикалла даиманна д1алуш вац иза. Цунна т1ецатоьург Къуръан ду. Кхочуш дуьззина дац цуьнан бусулбаналла. Амма Къуръан доьшуш иза хилча, цунна гонаха болчарна хаало, цуьнан беркат кхочу цаьрга.

      Ишттачу стоьмех тарвина Делан элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) Къуръан доьшуш а, ца доьшуш а волу бусалба стаг.

      И шиъ стоьмех тарварца Делан элчанна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) лууш дерг вай кхеташ долу масала даладар ду. Вайна хаьа шен чам а, хьожа а дика йолу стом г1олехьо буй, шен чам дика а болуш, амма хьожа йоцчу стоьмел.

      Делахьа а Къуръан доьшуш вацара аьлла иза дика стаг вац ца бах Делан Элчано (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна). Иза бусалба стаг хиларца, цуьнан чам дика бу бах цо. Амма и чам шен хьожанца кхечарна дехьа ца болу цуьнан, иза Къуръан доьшуш цахиларна, цундела кхоччуш дикалла яржош вуьззина вац иза бохург ду иза.

      Конец ознакомительного фрагмента.

      Текст предоставлен ООО «ЛитРес».

      Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на ЛитРес.

      Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.

      Примечания

      1

      – Къуръан.

      2

      – Тирмизий,2910.

      3

      – Х1уд, аят: 114.

      4

      – Аль-къияма, 14.

      5

      – Аль-къамар, 22.

Скачать книгу


<p>6</p>

– Муслим, 797.