ТОП просматриваемых книг сайта:
Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия Ратиани
Читать онлайн.Название Кавказан баххьаш. Горцы
Год выпуска 0
isbn 9785005661005
Автор произведения Мзия Ратиани
Издательство Издательские решения
– Шуна йукъахь дукхох болчарна ма-хаьара со йохка-эцар лелош ву, цундела дукха дIасалела. Со Бакухь а хилла, Гуьржийн махка а воьду сих-сиха, массийтазза ГIажарийн махкахь а, Хонкарехь а хилла. ДIадаханчу шеран аьхкенан чаккхенехь со сайн йохка-эцаран гIуллакх эцна Гуьржеха кхечира. Цигахь сан саца дийзира сайн дика накъост сван волчохь. Маьрша Сванетехь иза волчохь хьошалгIахь вара со. Цьаьна дийнахь Эланийн Сванетехь тхо долчу хенахь, тхо сан доттагIчун Местера накъост волчу чудахара.
Со нохчо ву аьлла шена вовзийтича, цо цецваьлла хаьттира:
– Хьо а кIантана тIаьхьа веана?
Со цо дуьйцург ца кхеташ, сайн доттагIчун бIаьра хьаьжира. Сан доттагIчо къамел кхечу хорше дерзо гIерташ, куьйг ластийра:
– Сан доттагIа совдегар ву, хьо волчу а тхо йохка-эцаран гIуллакх бахьанехь даьхкина – шен накъостан белшах самукъне куьйг туьйхира цо.
Ткъа сан берриге а кхетам цу мIаьргонехь дIалецира цу стага хаьттинчу кIанта. ХIунда моьттинера сванна со къаьсттина цунна тIаьхьа веана. Мила ву и кIант? – эзар ойла йолайелира сан коьртехь маша буца.
– ДоттагIа алахьа, мила ву и кIант? ХIунда моьттира хьуна со цунна тIаьхьа веана? – хIусамдена тIера бIаьрг ца боккхура ас. Иза шен накъосте хьаьжира, ткъа важа ца кхеташ, белшаш теIош вара.
– Суна хьо къена эла Гелованис закъалтана лаьцна долчу нохчийн берана тIаьхьа веана моьттура. Цхьа шо ду цхьа а цунна тIаьхьа ца вогIуш, хьалха сих-сиха оьхура. Церан тайпано кIант маьрша ваккха дукха ахча вовшахтоьхнера, амма элас кIант бIаьрга а ца гайтира царна. Сванаша тIеоьцура нохчий, шайн кхерч ца кхоош, амма хIоразза а аьтто ца болуш дIаоьхура уьш.
Ша кешнийн кертара санна цхьа шийла тийналла хьаьрчира Дикан хIусамах. Джонхин дийцаро ойла а, кхетам а дIалаьцначу хIора а нохчочун кийра оьгIазлонах буьзнера. Шайн дахарна тIекховда цхьанна а магийна боцучу нохчашна кхета хала дара, шайн къомах бер хийрачу нехан йийсарехь ду бохучух. Массарна а кхин дIа хIун хилла хаьа лаьара. Джонхас йохийра и шийла тийналла:
– Ас хаьттира сване – долийра цо шен къамел —
ХIун хиллера? Муха кхаьчнера и кIант эла волчу? Мичара ву и кIант?
– Ээээ! Иза дер ду дукха деха дийцар – ойланашка вахара хIусамда.
– Эла Геловани Илико гуьржийн ширачу тайпанера ву. Дукха шераш хьалха церан тайпа тхан Сванетехь элалла лело даха хаийра. Цкъа мацах чIогIа ницкъ болуш хилла болу уьш, Дадешкелиани эланаша гIело йина, царех дукхох берш Кутаиси а, иштта Гуьржехара кхин йолчу а кIошташка дIасабахара. Амма къена Илико дагахь вацара Геловани элийн сийлаллех ишта атта вала. Сихо ца йеш воьдура иза ша хIоттийначу Iалашоне. Цуьнан цхьаъ бен воцучу кIанта Геловани Джокияс лаккхарчу кхиамца чекхйаьккхира Петербургера тIеман училище. Кестта Тифлисера омра кхачаре хьоьжуш бара уьш иза тIеман