ТОП просматриваемых книг сайта:
Ламазан догIа. Хьусайн Шовхалов
Читать онлайн.Название Ламазан догIа
Год выпуска 0
isbn 9785006094789
Автор произведения Хьусайн Шовхалов
Издательство Издательские решения
Масала:
– Дукха лаьттина шен хьожа хийцаелла я чам хийцабелла я бос хийцабелла хи, – и хи т1ох́ур ду. И бохург, кху тайпа хи 1ибадатехь лело мегаш ду.
2-Шех муьлха латта эдаларца хийцаделла хи ц1ена ду. Латта хи чу ша доьжна далахь я цхьам кхоьссина далахь а башхалла яц, т1ох1у́р хи ду иза.
3-Шена чу г1аш легна, я хица хуьлучу буц я т1улг бахьана долуш хийцаделла хи т1ох1у́р ду.
4-Хи охь дог1уш цхьан метте кхаьчна, цу меттигаца хийцаделлехь, и хи ц1ена ду. Масала: Охь дог1у хи кибрит латтах хьакхаделла, кибрит хьожа йолуш далахь, и хи т1ох1у́р ду.
Я охь дог1у хи латтанах хьакхаделла хийцалахь, цу хино цу латтин бос схьаэцахь а и хи т1ох1у́р ду.
Иштта муьлха хи т1ох1у́р ду иза Дала ша ма кхоллар далахь хийцаделла а доцуш, я 1аламан бахьнаца хийцаделла далахь а.
1аламан бахьнаца хийцаделла х1ара хиш ламаз эца а, фарз я суннат лийча а, ц1ано я а, бедар йитта а, меттиг ц1ан я а, нажас д1аяккха а, муьлха 1ибадатехь а, муьлхачу х1умангахь а лело мегаш ду, х1унда аьлча, иза т1ох1у́р хи ду.
Амма 1аламан бахьнаца хийцаделла хи яах1умангахь леладар я и малар цунах могшална зе хиларх я ца хиларх доьзна ду. Зе хуьлуш далахь мегар дац, зе хуьлуш дацахь мегар ду.
2-Цхьам хийцина хи:
Т1ох1у́р ц1ена хи 1аламан бахьнаца хийцаделла доцуш, адам я кхи йолу са долу х1ума бахьан долуш хийцаделлехь, цунаха хи ала йиш йоцуш кхи цхьа х1ума хиллехь, т1аккха цу хинаха хи ца олу, цунах хилчу х1умане хьаьжина ц1е йоккху цунах. Иза 1ибадатехь лело мегар дац.
Масала: Чай, сок, чорп, жижган чорп, коктель, пепси-кола, лимонад, стоьми сок, квас, иштта хинах йина муьлха коча х1ума, ша яа я мала а ц1ена елахь а, 1ибадатехь лело мегар яц уьш, х1унда аьлча, адамо ша Дала кхоьллинчу шен суьртера хийцина уьш, 1аламан бахьанца хийцаелла а йоцуш.
Амма ц1ена долчу хи т1е ц1ена х1ума тоьхна цхьа жиммал бен хи хийца цаделлех, шех «хи» олучур д1ацадоккхуш кхи ц1е цунаха яккхал хийцина доцуш, т1аккха и хи ша ма хилар ц1ена хуьлу, 1ибадатехь лело мегаш ду, ц1енчу х1уманца жиммал иза хийцаделла далахь а. Иза 1ибадатехь лело мегар ду. Амма дукха хийцаделлехь, т1аккха т1ох1у́р ца хуьлу иза, т1о́х1ир хуьлу, т1аккха иза 1ибадатехь лело мегар дац.
– Т1ох1у́ра хих кхи йолу шен чам, бос, хьож яйна йолу х1ума иэелча, цо т1ох1у́р хийцина гуш дацахь а, (х1унда аьлча цунах иеллачу х1уми бос, чам, хьож боцун дела) хьожура ву, нагахь санна хица иеллачу х1уми чам я хьож я бос балхьари цо хи хийцина хира далхьара, цунах деккъа хи ала йиш йоцуш, т1аккха и хи хийцаделла лору, 1ибадатехь лело мегар доцуш.
Амма хих кхеттачу ц1ена х1умано хи цхьа къезиг бен хийцина хир дацахь, т1аккха и хи 1ибадатан лело ц1ена ду.
3-МУСТА1МАЛ8
Фарз-ламаз оьцуш я фарз-лийчаран луьйчуш я нажас д1айоккхуш лелийна т1ох1у́р хи керла фарз-ламаз эца я фарз-лийчаран лийча я нажас д1аяккха мегар дац, х1унда аьлча т1ох1у́р долчера д1аадаьлла т1о́х1ир хилла цунах, х1унда аьлча иза фарз 1амалехь лелийна дера. Боьха дац иза, делахь а шеца ламаз эцале я фарз лийчале я нажас д1аяккхли ма хиллар ц1ена хи дац иза, х1унда аьлча фарзан ц1анонгахь лелийна дера, вуьшта а меже ц1ан еш цуьнан къинош д1аэцна цо шеца. Цундела,
8
– Муста1мал, иза – ламаз оьцуш, фарз лийчаран луьйчуш, нажас д1айоккхуш лелийна (использованный) хи ду.