Скачать книгу

тIаьхьа а кхууьр вацара цхьа а – элира Хьапагожа.

      – Муха йу хьан цIе? – хаьттира Кутас, шен керла ногIийн накъостий бовза лууш.

      – Сан цIе Калибек йу, ткъа хIара Хьасан ву – вовзийтира шаьшиъ къона ногIийчо.

      – Кхолладеллачу хьолах вай кхеташ ду. Бохам мичахь хилла а вайна хууш ду. НогIийшна дика бевза цига боьду некъ. Эрмалой болчохь латтош а хир ву цара шаьш йийсаре лаьцна кIант. – ойланашка вахара Кута.

      – ТIаккха? Аралелхий вай? – хетарехь Тембот сатесна вара кхераме некъ йуьхьарлаца.

      – Шу ГIебарта дIагIо. Кхузахь, Хьапагож волчохь шортта адам ду. НогIийшна йукъахь а бу дика къонахий. Адам оьшуш хьал дац вайгахь – элира Кутас Мисосте, ткъа гIебарто-м шен буйнахь топ а къуьйлуш, велакъежира:

      – Кута, цу къамелашна хан ма йайа. И гIуллакх къасто вай цхьаьна доьлху, ткъа вайца кхин а мила вига веза хьуна а, Хьапагожна а дикох хуур ду. Оха цкъа а буьтур бац ногIийн вежарий де доьхначу дийнахь тесна! – элира Мисоста.

      Цо аьлларг тIечIагIдеш, кIоршаме вистхилира Тан а:

      – Тхо а доцуш, цхьа а цхьанхьа а воьдуш вац!

      – Шу цу йукъаийзо ца лаьара суна. Со суо шуна ма-гарра гIатталуш вац, цундела чергизой гулбе аьлла нах дIахьовсийна ас. – бехказала воьдуш, элира Хьапагожа.

      – Чергизой а оьшур бу. Хан йалийта мегар дац вай. – нохчийн обарг ойланашка вахана хьоьжура ГIебартара шен доттагIашка. Хьапагожана хаьара ша мел дехча а, ламанхой йухабевр боций. Ма-дарра аьлча, ишта царна орцанна хIара а гIоттур ма вара, цундела обарга дуьхьало ца йира лаьмнийн сирлачу гIиллакхна.

      – Кута, Армавирехь Iаш Хачатур ву хьуна. Иза вайн къомах схьаваьлла, чергизойн эрмало ву. Хьуна дагавогIу хир ву иза. Цунах теша мегар ду хьуна. – элира Хьапагожа, ткъа гIебартой-м церан къамелана йукъа ца лелхара, хIунда аьлча царна цхьа а вацара Армавирехь вевзаш.

      – ТIаьххьара маца хиллера хьо Армавирехь? – хаьттира Хьапагоже Кутас. Хетарехь хIинцале цхьаъ дагатессинера нохчийн обаргана.

      – Ахшо хьалха хиллера. Стенна хоьттура ахь? Хьо цигахь хилла а ма ца даьлла цхьа шо а. Бакура цхьа анархист лоьхуш дара-кх вай цигахь. – жоп делира Хьапагожа.

      – Армавир йоккха йурт йу. ТIебаьхкина нах дукха хуьлу цигахь. Цигара туьканашка оьху даима луларчу станицашкара гIалгIазкхий. Иштта луларчу кIотарашкара шортта чергизой а, ногIий а хуьлу. Вайн хьолехь иза чIогIа дика ду, хIунда аьлча вайна тIе тидам боьрзур бац нехан. Мухарби дIалаьцначарна хууш хир ду, эла шен кIантана орцах ца волуш Iийр воций, цундела уьш вайга буса хьоьжуш хир бу. Цу тIехь сан шеко йац. Буса ха деш хир бу уьш, ткъа дийнахь садоIуш.

      – Делахь, ма нийса лоь хьо. Дагахь доцучу агIор, дийна делкъехь хьошалла дан деза вай царна! – Кутас аьллачух реза хилира Мисост.

      – Кхаа тобанна декъадала деза шу! Сан чергизойн коьртехь сан вешин кIант Темрук хир ву. Цунна дика девза Армавире доьлху некъаш. НогIийша а йоккха тоба вовшахтоьхна хир йу. Цара а аш аьлларг дийр ду. – Хьапагож гIайгIане вара. Iемина вацара иза ша вижина

Скачать книгу